Ненан мотт а дайх диссина дин а. И шиъ деза а, довза а, 1амо а муха нисло Европерачу нохча-гIалгIайн йукъараллин? Цу хаттарна, мелла а жоп луш йу х1ара @europeramarshallica проектан рог1ера репортаж.
Страсбургехь алссам беха нохчий а г1алг1ай а. Даймахкара т1еман чалх йайъеллехь а совццаза т1е уьхуш а бу нах. Кхуьуш ду бераш. Церан амалаш, г1иллакхаш а лардан - дин 1амор а, орамаш ца хедийта - мотт 1амор а, коьрта лерина кхузахь хьалхо лелочу кегийрхоша. Кхо шо хьалха хьадиллинчу маьждигехь ши б1е сов бер ду ненан маттахь доьшуш. КIиранан мокъачу шина дийнахь, ловзарш ца хуьлу церан. Къуран доьшу, шардо, дагахь 1амадо. Пхеа рожехь, мехаза болх беш бу динан хьехархой. Дош цаьрга ду. Ткъа ненан мотт хьоьхуш а бу нах. Церах репортаж кеч йан а йу 1алашо.
#бовза #беза #нохчийн #мотт