Показано с 1 по 2 из 2
  1. #1
    Команда ЕвроЧеченс Аватар для admin
    Регистрация
    11.12.2013
    Адрес
    Ауденарде, Belgium
    Сообщений
    338
    Thanks
    19
    Thanked 124 Times in 120 Posts


    Лайк/Унлайк
    Получено: 115/0
    Отдано: 70/0

    1 Not allowed! Not allowed!

    Апти Бисултанов Дег1аста


  2. #2
    Новичок
    Регистрация
    01.04.2015
    Сообщений
    1
    Thanks
    0
    Thanked 0 Times in 0 Posts


    Лайк/Унлайк
    Получено: 0/0
    Отдано: 0/0

    0 Not allowed! Not allowed!

    Бисолтан Апти.

    хьайбахахь язйина байташ
    (гуо я поэма)

    мохк а боцуш цхьа а хан а йоцуш цхьа а
    хилларг билгалдаккха теш а воцуш цхьа а
    кхета ваша воцуш къасто верас воцуш
    гiуллакх нисло соьца йийца къайле йоцуш

    хiусаманна реза йоцуш цiевза неi сан
    кху дуьненна реза боцуш хьевза некъ сан
    хьевза дог сан хьевза хьаьъна яьлла ойла
    йилбаз-махах хьевзий дов сан вахар-iойла

    сан когашна метта бовлу керла когаш
    сан бiаьргашна метта бовлу керла бiаьргаш
    серладовлий сенло абадера кораш
    карладовлий денло азаллера хьаьркаш

    волало со тiаккха патар санна вегош
    цiоцкъамашлахь хiара маьлха дуьне дегош
    со дiавоьху аз ду уггаре а шийла
    сан са доьху барз бу уггаре а тийна

    сацо доза доцуш хiара дуьне мел ду
    тiома волуш санна кiентан болар пел ду
    амма деза кир ду къоман лазам олург
    хийла дагахь доцуш иза карлаболу

    эзар гирда хуьлий и туьханан бiелиг
    некхехь базло тiаккха саттош дегiан хелиг
    хьаланислур вац хьо дийна вехаш мел ву
    къоьан лазам иза дагна хьийзон гел бу

    кiант пачхьалкха ваккха да вуьйш болчу нехан
    мохк паргiата баккха къам дуьйш болчу нехан
    цхьа хьаьрк цхьа зирх мел ду умматаца дехаш
    суна хьарамдо цуо маьрша дуьне эхарт

    iиндагiа сих дегiах къаьстар долчу дийнахь
    чуьрта тiехь хан-зама соцур йолчу дийнахь
    къаста йиш а йоцуш сацо каш а доцуш
    къоман лазам буьсу цхьа а чакхе йоцуш

    хiара дуьне реза дина ваьлла хир хьо
    кхуьнан йоккха къайле гина ваьлла хир хьо
    иза реза бина уьнах воьрзур вац хьо
    иза бiаьрга гина коша воьрзур вац хьо

    нанас лоьру духар кошан марчо санна
    вашас лоьру хiусам кошан лахьта санна
    цунна лоьруш дош а долуш сица цiийца
    декъала а хилла доьрзур дац хьан дийцар

    цiийнах цiарах ваьлла лело деза гiуллакх
    кошахь самаваьлла дийца деза гiуллакх
    диц ца дайта соьга доьхуш жоппий цiеттий
    гiотту къоман хаттар лаьхьа санна сетташ

    цунна дала жоп а доцуш узам боцург
    дагна даккха цiет а доцуш лазам боцург
    нана йийна кiеза санна холчахiуттий
    со хьевзича суна бiаьрла дуьхьалхiуттий

    сан да вийна луьра чiирхо ву ша олий
    сан къам дийна къиза даджал ю ша олий
    ду ша олий соьра даьлла стешха гiалат
    гiотту массех корта болу iаьржа гiаларт

    хьенан ву хьо дека цхьаъ бен доцу хаттар
    делан ву со цунна теш ду нохчийн латта
    шаьлта буйнахь доiа дечу дена вина
    сагiа буйнахь цiе луш ваха къобалвина

    цiена дари дарна со вен кхел а йой ша
    сан гергарчу улийн декъех тангiалкх йой ша
    шен четара боккхий лаьхьа кховдабо цуо
    шен коьртара боккхий чонах хулар йо цуо

    шен цiийх дуьзна куьйгаш малхе кховдадо цуо
    пхи са болу бiаьрг шен къиза карчабо цуо
    ша кхиел кхочушъечу меттиган цiе йоккхий
    тангiалкх коча уллий цуо со хьалха воккху

    волало со тiаккха халла голаш егош
    цiоцкъамашлахь гiийла iаьржа дуьне дегош
    сан са доьху барз бу уггаре а тийна
    сан цiе йоху аз ду уггаре а шийла

    сан мацалла елла йиша ю ша олий
    ненан кийрахь велла ваша ву ша олий
    хьалха долу суна и аз шийла тевжий
    юххе хiутту гiийла белаш тiе а тевжий

    бiешерашкахь кийрахь кхаьбна луьра лаьхьа
    iеттабина хан а хiутту суна тiаьхьа
    дикчу ден цiе хуьлий хьалха долу дахар
    сан куьг лоций юххе долу ненан сагiа

    деган туьшахь къуьйлуш иэсехь дийна мел дерг
    бiаьрлагiашка дуьйлуш цiийца тийна мел дерг
    бiаьрг къевлина хiара дуьне кхин ца гайта
    воьдуш волчу суна го сайн кхелан майда

    пайхамарша догiмаш доьхур долчу дийнахь
    умматана элча воьлхур волчу дийнахь
    хiоттор йолу iарас-майда йиц ца йайта
    хiоттайича санна хуьлу кхиелан майда

    исрапилан зурма шолгiа екна яьлча
    элча везчу деле уммат дехна ваьлча
    жоьжагiатан момсар екон йолчу озах
    тера хуьлу кхиелан сацам буьйцу оза

    когаш боцург веъна хилла олу соьга
    куьйгаш доцчо дина хилла олу соьга
    и ца хаза лергаш доцуш хила олу
    и ца довза бiаьргаш боцуш хила олу

    маттах хилла шад а бостур болу гiуллакх
    дагах хилла тiулг а огур болу гiуллакх
    дита олу соьга ирсе хила олу
    сий а дитий уьнах цiена хила олу

    соьга велха олу чаьлтанчанан синна
    соьга товжа олу тангiалкханан къинна
    нанна хьарам хилий сийлахь хила олу
    дена ямарт хилий декъалхила олу

    дайн даьiахкаш йохккал говза хила олу
    кошахь маша даккхал майра хила олу
    да вийначух вахккал эсал хила олу
    цуьнан ненах ваккхал оьзда хила олу

    сан бехк къастабина баьлла олу соьга
    кхиелам сацам хилла баьлла олу соьга
    ваха веза олу вела веза олу
    лай а хилла лаьттахь лела веза олу

    сан да вийна луьра чiирхо ву ша олий
    сан къам дийна къиза даджал ю ша олий
    ду ша олий мацах соьра даьлла гiалат
    соь ладугiий соцу сан кхиелахо-гiаларт

    цунна дала жоп а доцуш наьiалт доцург
    цуьнца къовса ницкъ а боцуш когаш боцурш
    вада кхоллаелла ойла йохош тiаккха
    хеза суна цуьнан шийла сардам баккхар

    хьо хьалхара вац ас кхуза вала винарг
    хьо тiаьххьара вац ас кхунах бала бинарг
    хiара ду хьан къоман малх чубуьзна латта
    дезар ду хьан кхузахь хiоллам хилла латта

    тiома гiаттарх кхунах вала меттиг боцуш
    лаьттаах воларх кхунах къаста амал доцуш
    кху хьайбахахь хилларг диц ма лойла хьуна
    цунах вала дала ницкъ ма лойла хьуна

    бераш догуш гина ду ша олу соьга
    наной богуш гина ду ша олу соьга
    ду ша олу иза кхочушдина лайна
    делан неiалт гина ду ша сибат дайна

    эзар ойла ярх ша чакхе ца го бала
    эзар нигат дарх ша баста ца ло бала
    эзар тоба дарх ша къаста ца ло бала
    суна лан а буьтуш дiадов iаьржа гiаларт

    стигланаш тiеязлуш хеза суна тiаккха
    лекха лаьмнаш лахлуш хеза суна тiаккха
    анайисташ гатлуш хеза суна тiаккха
    дуьне зама къарлуш хеза суна тiаккха

    * * *

    х1ара байташ а, ишта кхин йолу аптин байташ санна, к1оргера чулацам болуш байташ йу. аптин байташкахь дуккха вайнаха дицдина, лелош доцу дешнаш карадо вайна. шен ненан мотт денбан лууш волчунна, хьехар до вай, аптин байташ т1ехь болх бе аьлла. нагахь ахь цу байташкахь долу дешнаш дерриш хьайна 1амадахь, шайн маь1нашца, цул т1аьхьа хьоьга и дешнахь хьайн маттехь лела далахь, хьо ву хьуна хьайн мотт денбарехь хьалхарчу т1ег1анна т1ехваьлларг. аллах1а веша мотт а, веша г1иллакхаш а, веша дикчу дайн иэсаш а, лардинче а, пайда оьцучех а дойлакха вай. ларамца!

Социальные закладки

Социальные закладки

Ваши права

  • Вы не можете создавать новые темы
  • Вы не можете отвечать в темах
  • Вы не можете прикреплять вложения
  • Вы не можете редактировать свои сообщения
  •  
Вверх
PostMan By Cultural Forum | Study at Malaysian University