Вайга тахана кхечи 1усманов 1имран Бакъ-Дуьненчу д1авахна аьлла хаам. 1усманов 1имран Воккха Илланча, композитор, режиссер хилла ца 1аш, ша-тайпа Адам дара. Ненан мотт хаза буьйцучарех, шен меттан хазна ларъечарех, забар ян хуучарех, нахана ша везийта хуучарех цхьаъ вара иза. Дийцина ца валлал дукха ду 1имранах ала Диканаш. Шен къомана дукха везаш к1ант вара 1имран. Нохчийн культурехь йоккха лар йити цо. Цуьнан мукъамашкахь беха Нохчийчоьнан Лазам, цуьнан иллешкахь хеза вайн къоман деза мел дерг. Яхь, Сий, Оьздангалла - вайн уггаре лакхара синмехаллаш хесторца цо д1аолуш хилла цуьнан иллеш вайца даха диси. Дала Гечдойла 1имранна! Дала Декъалвойла иза!